ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно юхадаьккхина ша "Адмирал Кузнецовна" мехкадаьтта доттар хьокъехь Испане дина дехар


Испанин карта. Испанин Сеута порт ю Африкан Къилбаседан бердаца.

Оьрсийчоьно юхадаьккхина кеманаш лелон крейсер "Адмирал Кузнецов" хьалха а долуш, догIуш долчу шайн хIордан кеманашна Сеута портехь мехкадаьтта доттахьара аьлла Испанин Iедалшка дина дехар. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

Оьрсийчоьнан Испанерчу векалалло бинчу хаамца, иза доьзна ду тIеман хIордан кеманийн «маршрут хийцарца».

Мадридо бинчу сацамна реза йоцуш яра НАТО. Цуьнан тIеман говзанчашна хетарехь, иза догIуш дац Оьрсийчоьно Шемахь лелориг емал дечу Къилбаседа Атлантикан ТIеман Альянсан политикаца.

Хьалхо хаамаш баьржинера, Оьрсийчоьнан хIордан кеманаш Шеман территори тIе бомбанаш етта таро йолу тIеман кеманаш эцна доьлхуш ду аьлла. НАТО-на хетарехь, Шема хьуш долу герз дIакхаьчначул тIаьхьа алсамдаккха мегаш ду Оьрсийчоьно Алеппона бомбанаш а, ракеташ а еттар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG