Психологаша дийцарехь, хан-зама мел йолу жIаьла а доьрзу шен хIусамден амалшка.
Дайша бахарца, шен хIусамден амалш, леларш, боларш дIаоьцу лайно а.
Кху тIаьххьарчу заманчохь къаьсттина хаало, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гоно цуьнан хатI, лелар, духар, аларш юьхьарэцар, дуккхаъчара шайн дешнийн хазне схьаэцна Кадыровн маттах летта «дуй хьуна» а.
Шо-ши хьалха урс хьокхуш, юьхьтIе чо ца болуьйтуш лелларш а тахана Кадыровн хотIе бирзина, цул совнаха, цуьнан можан барамца лелайо гонахарчара а.
Пхьуйшашдоцург, тоххара чу-кIета, лула воьдуш бен тIеюхуш яцара, амма тахана уггар тоьлла барзакъ хилла дIахIоьттина Кадыровн а, цуьнан гонан а бедаршлахь.
Маршо Радионо социалан машанашкарчу махкарчу Iедалан коьртерчу цхьаболчийн суьртех пайда а оьцуш вовшахтесира иза бакъхиларан тоьшаллаш.
Масала, дуьйцур вай, Кадыровс шен когаметта хила хьакъ ву аьлла цIе яьккхинчу, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутатах Делимханов Адамех лаьцна.
Даим шен шефна тешаме волу депутат кест-кеста го Кадыров Рамзанан стилехь.
Хьалхо йоцца маж, шу болу хеча, костом йоьхну гуш хилла Делимханов Адам, эххар а Кадыровн хотIе вирзина.
Маж, песаш, цIаза пIелгахь лело мухIар, пхьуйшашдоцург…
Ткъа махкахь и барзакъ лелор юкъадаьккхинарг Кадыров Рамзан ву.
Муьлхха а махкахь беза хьеший баьхкинчу барамехь, тойнехь Кадыров Рамзан го пхьуйшашдоцучуьнца.
Иза-м цуьнан уггар деза духар ду, хIунда аьлча, Кремле Путинца цхьанакхетаре а воьду, иза а юхий.
Кадыровс дукха хьолахь лелочу духарийн беснашкахь хуьлу Думин депутатан барзакъ…Вуьшта а дуккха а карор ду цхьатерраниг хотIца.
ШолгIа оха тидаме эцначех ву Даудов Мохьмад (Лорд), Нохчийчоьнан парламентан спикер.
Шен дIахIоттарца, боларца, «дуй хьуна» аларца и кх.дI.
Мехкан куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам.
Кадыров Рамзанан пресс-секретарь Керимов Iалви.
Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан керла куьйгалхо Ибрагимов Iийса.
Нанас дена вина ваша санна Кадыровх тарвалархьама дикка къахьегначух тера ду кхо а.
Цундела керлачу дарже а кхачинйа оцу къинхьегамо. Кху деношкахь Кадыровн омраца кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан хьаькам хIоттийна Ибрагимов Iийса.
Нохчийчуьра иллиалархо Байкаев Мурад. Юкъаваьлла, нахана вовза волалучу хенахь а, тахана, Кадыровн тIома кIел кхаьчначул тIаьхьа а…
Нохчийчоьнан экономикан а, юкъараллин а кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочунна Черхигов Идрисна а, министрийн кабинетан куьйгалхочун гIовсна Закриев ИбрахIимна а масале ву шайн ненаваша, Кадыров Рамзан.
Кадыров Рамзанан секретариатан куьйгалхо Ахмадов Хьасан. Масех шо хьалха а, тахана а.
Гойтучу суьрташа шеконаш кхуллу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан стилисташ хиларх.
Iарбойн, туркойн мехкашкахь шен доларчу «Фирдаус» цIийно кхоьллина керла духарш гойтуш, хьийзачу юкъанна хIусамнана Медни ца ларалучух тера ду майрачун духарх юкъ-кара тоьхна а, бIаьрг тухуш хила.