Карарчу хенахь де-дийне мел долу толуш ю туркойн - оьрсийн юкъаметтиг.
Политикехь а, экономикехь а, йохка-эцарехь а, туризмехь а, иштта дIа кхечу хьелашкахь а.
Туркойн Iедало чIогIа мехала а лору оьрсийн пачхьалкхаца и тайпа йолу шайн зIенаш. Царех цхьа масалла ду хIокху, 2016-чу шеран гIадужу беттан 10 чохь Истамбулехь оьрсийн - туркойн хилла барт.
Цу бартаца Iаьржачу хIордана чухула Оьрсийчуьра Хонкара схьаян езаш ю газан биргIа.
Туркойн прессо дийцарехь, тIейогIучу хенахь муьлххачу юкъара кхерамна духьала барт бан а дагахь ю и ши пачхьалкх. Шайн геополитикан Iалашонаш цхьанаэшшаре еш, хуьлийла иза Кавказехь, я дуьненан кхечу маьIIехь.
Цу хаамаша гIеххьа сингаттам латтабо Хонкарарчу нохчийн мухIажарашкахь.
Царна дика дагадогIу 1999-чу шарахь Нохчийчохь тIом баккхаран уггаре а доккха бахьана, хIетахь Оьрсийчоьний, Хонкарний юккъехь къовсаме хилла мехкадаьттан биргIа-проект «Баку - Джейхан» хилар. ХIетахь дуьйна туркойн-оьрсийн барт эгIаш а, тулуш а хенаш яьхкина.
Амма даима цу юкъаметтиган закъалт хилла лаьттина ду нохчийн хаттар.
Ткъа газ тIехь церан хиллачу барто гойту, туркоша а, оьрсаша а цу хаттарах шайн ма-хуьллу пайда эцна буйла. Цунах тешна бу Хонкарара нохчийн мухIажараш шаьш а.
Цундела цигара нохчийн охIло хIинца дика кхета, хIинцачул тIаьхьа туркойн Iедало шаьш гуттаре а тесна дуьтург хиларх. Шайна хьалхалера Iуналла а мукъне ца деш.
ТIаккха, ма дарра аьлча, цу Iедало и хьакъдолу Iуналла-м нохчашна хьалха а ца динера. Кхузахь дагатосу, тIамах бевдда баьхкинчу нохчех,-премьер министр волуш ЭрдохIана аьлла долу, Хонкарахь мухIажарш бац, цхьана ханна тIеэцна хьеший бу, бохург а.
Хонкарарчу нохчийн керлачу охIлонан дахарах лаьцна Маршо радион къамел хилира мухIажарашца - Дукаев Хьамзатаца, Уциев Деница, Юсупов Рамзанаца.
Хьалхара хаттар Хьамзате делира, хьо Хонкарахь волу дикка хан ю, хIун халонаш, аьттонаш хилла хьан кхузахь, аьлла.
Хьамзат: "Со сайн доьзалца Хонкара кхаьчна 15 шо сов зама ю. И кIезга хан яц, сан дахаран цхьа боккха мур бу иза. Цу юкъанна доьзал а хьалакхиъна. Уьш хьала мел кхуьу, доьзалан хьашташ а совдуьйлу. ТIаккха тхан кхузара Iер-дахар кхин толуш а дац.
Я толур ду аьлла меттиг а ца го суна. Дикка туркойн гражданство йоцуш а Iийра тхо. Ткъа цо таро ца юьтура Iедалан социалан хьелашна юккъехь хила, кегийрхошна деша, баккхийчарна болх бан.
Ткъа хIинца, массарна ца еллехь а, гражданство схьаелла нохчийн мухIажарашна. Амма хIетте а, хьалха санна тIедаьхкинарш лору тхо. Цундела халла бен балха а ца оьцу. Беш берг а, дукхахьолахь, долахь белхаш хуьлу. Цигахь алапа а туркошначул а кIезгоха ло.
ТIаккха паччахьалкхан балха хIотта гуттаре а хала ду. Хетарехь, Iедало леррина лелош йолу политика а ю иза. ХIунда аьлча, нагахь хьуна гражданство еллачул тIаьхьа 5 шарахь ахь болх ца бинехь, хьоьгара и гражданство юха дIаэца бакъо ю Iедалан. Гражданство елча а, ахь пачхьалкхана беш цхьа а пайда бац, аьлла бахьна а лехна.
Къаьсттина цу пачхьалкхан балха дIахIитта хала ду Хонкарахь лакхара дешар дешначу вайн кегийчу нахана. Цуьнан бахьна лехча схьагучадолу, Iедало цу хьокъехь къайлаха бина сацам хилар, лакхара дешар дешна болу нохчийн кегий нах балха дIа ца эца. Дийцича кхин а дара уьш дийца. Ткъа доцца аьлча, и тайпа хьал нохчашца кхузахь туркоша латтор оьрсашна бечу томанна хета.
Маршо радио: "Дени, хьо 7 шо долуш махкаха ваьккхина ву, хьан бералла а кхузахь дIадахна. Масех дош алахь хьайна кхузахь тIеIиттаеллачу киртигех лаций."
Дени: "Сайца масалла далош дийцича, со жима вара, дас-нанас тIамах вадийна Нохчийчуьра аравоккхуш. Цхьана шарахь Гуьржийчохь Iийра тхан доьзал, цул тIаьхьа Хонкара схьадаьхкира. Кхузахь я Iедало, я цхьанна а дуьненаюккъерчу организацино мухIажараш ду, аьлла къобал а ца дира тхо.
Цундела сан дешар а ма хетта ца хилира, ткъа воккхахилча болх а ца карабора, гражданство а ца елира ши-кхо шо хьалха бен. Амма Хонкарахь ма хетта Iен-ваха цхьа еккъа гражданство ца тоьу, нагахь Iедало хьуна шегара беш цхьа социалан гIайгIа бацахь.
Ткъа и хилийта хьан хьакамашца дикка уьйраш, я гергалонаш хила деза.
Цундела, пхийтта шо айса кхузахь даьккхинчул тIаьхьа, со цIавахара, хьозанна а дайна, "шен цIа - цIен цIа", аьлла. ЦIахь лехча белхан меттиг а карийра суна.
Амма сан шолгIа гражданство туркойн хиларна, со балха дIа ца ийцира цигахь а. Цундела и гражданство сайна тIера дIаяккхийта юхавеъна ву со, кеста юха цIаваха везаш а ву.
Маршо радио: "Рамзан, ахь хьайгара хIун тIетухур дара кху шимма аьллачунна?"
Рамзан: "Ахь тоххара ма аллара, нохчийн мухIажарш туркойн махкахь" хьеший "санна тIеэцна бара. Хьешийн йоллу бен бакъонаш а йоцаш. Ткъа и бакъонаш, вайна ма хаъар, хIусамдас елларш бен ца хуьла. И" хьеший ", уггар дукха болча хенахь а, Хонкарахь 3 эзарал тIехь бацара.
Ткъа хIинца кхузахь виснарг цхьадолчу терахьашца 700 стаг ву. Вуьш кху махкара Европе а, Оьрсийчу а дIаихна. Нохчашна депорташ ца йина туркойн махкара уьш Оьрсийчоьне дIалуш. Амма кху тIаьхьарча 15-16 шарахь кхузахь 12-13 нохчо вийна. Иштачу хьоло нехан цхьацца шеконаш кхуллу, и нах байъар Оьрсийчуьра схьа дуй те бохуш ойла.
Ткъа туркойн Iедале и зулам деш берш лацалуш цахиларо и шеконаш гуттар алсамйоху.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832