ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

300 миллион бер деха хIаваъ цIенадоцчу регионашкахь


Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин Берийн Фондо (ЮНИСЕФ) ша араехцначу артиклехь хоуьйту дуьненатIерачу берех 300 миллион хIаваъ цIенадоцчу регионашкахь дехаш хилар. Цо бахарехь, царех 220 миллион бер деха Дуьненаюкъарчу Могашаллин организацино хIаваъ хила тарлучул 6-зза сов боьхьа ду аьлла къастийначу, адам тIех сов долчу Къилба Азехь.

ЮНИСЕФ-ан директор Лейк Энтони коьртехь а волуш оршоьтадийнахь араяьллачу оцу артиклан авторша хаамбо, хIаваъ боьха хилар бахьана долуш пхи шо а кхачале шарахь ле ах миллионал сов бер, бохуш. Оцу бахьанийца ЮНИСЕФ-о маьIданех ягориг яккхар дайден некъаш лахар доьху дуьне дохлуш латтар дийцаредан Мороккохь кху деношкахь гуллучу пачхьалкхашка.

Бераш алссам долчу меттигашкара хIаваъ сов бехдарца кхерам бохьу индустри адамех юьстахъяккхар а доьху ЮНИСЕФ-о.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG