Адамашна дуьхьал зуламаш лелорна Шемин пачхьалкхан эскарш бехкедина Германин канцлеро Меркел Ангелас кхаарийдийнахь. Кассетан бомбанаш, химин герз леладар таIзар доцуш дита йиш яц, аьлла дIахьедо Меркела Берлинехь шена дина дуьненан премин совгIат схьаоьцуш.
«Маьрша наха мацалла хьоьгу, дарбан хIусамашана тIелетарш до, лоьраш бойу», элира канцлера, "ур-атталла Цхьанатоьхначу къаьмнинй организацин (ООН-ан) гIоьналла латтон конвойш яц ларъеш" аьлла, тIе а тухуш.