ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Барневарне бераш схьадоьху нохчаша


Норвегехь Iедало бераш дIадаьхначу нохчийн доьзална сагатдеш бу Европехь дуккхаъ нах

Масех де ду Европехь а, Нохчийчохь а Норвегехь бехачу цхьана нохчийн доьзалера Iедалан векалша 4 бер дIадаккхарх лаьцна дийцарш лела.

Малхбузехь берийн бакъонаш ларйечу хьукмато дас-нанас шайн доьзалхошна кхоччуш Iуналла ца дарна бераш цаьргара дIа а дохуш, я кхечу доьзалшка, я Iедало кхобучу юкъараIойлашка дIалуш хиларна, вуно боккха сингаттам кхоьллина дозанал арахь бехачу нохчашлахь рогIера и тайпа бохам шайн къомах болчу нахах Iоттабаларна.

Дийца-бахарш а ду цу хиламна гонахь шортта – ватсапехула хIораммо шена хета-хеттарг а, дуьйцу хезнарг а, моттаделларг а дуьйцуш. Цхьаболчара массо хIуманна Норвегера Барнаварн цIе йолу берийн бакъонаш ларйаран хьумат бехке йо, иза бехк боцуш доьзалш вовшах къестош хиларна бехке а еш, вукхара мелла а хилла ден-ненан боцуш хир бац, цара ледара Iуналла дина хила мега бохуш дуьйцу.

Хилларг ма-дарра муха ду къасторхьама а, карарчу хенахь дIадаьхначу берийн кхоллам муха бу хаархьама а Маршо радио зIене елира цу берийн деца-ненаца.

ПIераскан дийнахь Барнаварнан белхахошца цхьаьна а кхетта цIаеанчу берийн нанас Раисас иштта дийцира шен бераш дIадахарна гонахь актуалечу хьолах лаьцна.

Раиса: „Тхоьгахь карарчу хенахь кIеззиг бен информаци яц цу берех лаьцна. Тахана берийн Iуналла дечу хьукматан белхахошца дуьххьара цхьаьнакхетар хилла тхан.

Хетарехь, дика позитиве тIеIаткъам а бина оха царна. Тхуна шаьш реза ду а бохура цара, тхоьца санна кхечу дай-наношца болх бан атта делахь, иштта дукха проблемаш а хир яцара бохура. Дикадерг хир ду аьлла сатуьсу, и цхьаьнакхетар дика чекхделира“.

Цкъачунна Раисин, ИбрахIиман диъ бер цу шинна гайтина дац. Шишша цхьана доьзале а луш, меттигерчу шина доьзалехь дIатардина ду и бераш Iедало. Мичахь хьаьнгахь ду дена-нанна низамца хоуьйтуш дац. Амма ка ма-доллу сиха уьш юхадерзо некъаш лоьхуш дуй дай-наний. Раисас дуьйцу кхин дIа а.

Раиса: „Тхан рогIера цхьаьнакхетар 15-чохь хир ю. Шуна ма-гарра, цара мелла а дахдеш ду и гIуллакх. Цара боху шайна хан еза, тхо довза а, тхо муха да-нана ду хьажа а. Оршот дийнахь тхо адвокатана тIе доьлхуш ду, кхел хилале муха хIун ала бохучух цунах дагадовлархьама.

Кхел тхан шинари дийнахь хила езаш ю. Бераш цара кхаа баттана сацон мегаш ду, кхело доккхачу декъехь цу дийнахьехь схьа ца ло боху. ХIинца ма -хуьллу уьш цаьрга сиха схьадалийтархьама адвокатца болх бан безаш ду тхо“.

Даханчу кIиранахь 4 бер дIадаьккхинчу ИбрахIиман, Раисин доьзалца дерг, кхечу ишттачу хьолехь нисбеллачу нохчийн доьзалшца дерг шен тидамехь латтош ву Норвегехь вехаш волу адамийн бакъонашларйархо Гисаев Ахьмад.

Маршо радиога цо дийцира, берашна Iуналла дечу Барнаварн хьукматан леламаш даима а бух болуш хиларна шеконаш ю шен, кхечу тергамхойн а, хIунда аьлча, хийла цара бина сацамаш харц хилар гучудийлина меттигаш бу Норвегехь боху цо.

Гисаев Ахьмад: Кхузарчу нохчийн диаспорин векалш а, куьйгалхой а вовшах а кхетта, кхин дIа хIун болх бан йиш ю бохург дийцаре дина оха. Цхьацца гIулчаш а ю оха яха лерина цу тIехь. ИбрахIиман доьзалан хьокъехь цкъачунна керла хIумма а дац.

Шота дийнахь оха дIаяхьа кечйина митинг ю, берийн хьукматан белхахоша лелочу харцонашна дуьхьал. Цига алсам нохчи а, гIалгIай а богIург хиларх тешна ву со. Тховса цу митингана кечам бан дагахь юха а вовшахкхеташ а ду тхо“.

Шота дийнахь делкъал тIаьхьа Осло гIалахь доьзалшкара бераш дIадахарна шаьш реза ца хилар гойтуш митинг дIаяхьа дагахь бу Норвегехь бехаш болу нохчи.

Интернетехула а, мобилан зIеца а дIахьочу флеш-мобца цара кхойкху ка ма-доллу дукха нах цу митинге гулбаларе.

XS
SM
MD
LG