ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчохь эккхийтар дина


Туркойчуьрчу Диярбакыр гIалахь пIераскана динчу эккхийтарехь 8 стаг вийна, 100 сов кеп-кепара чевнаш хилла дарбан цIийне кхачийна. И хаам гIарабаьккхина туркойн премьер-министро Йылдырым Биналис, яздо Рейтерг агенталло. Йылдырыма бахарехь, беллачарлахь ву теракт дарна шеконашкахь кхобу Курдистанан Белхан Партин декъашхо.

Меттигерчу Iедалан версица, молханах юьйлина машен эккхийтина Iожалхочо полицин декъан уллохь. Де хьалха Туркойчоьнан Iедало курдойн къаьмнийн демократин Партин 11 депутат лаьцна. Бу цаьрца партин лидерш Демирташ Салахьаттин, Юксекдаг Фиген а. Туркойн хьосташа дийцарехь, оппозицин политикаш лецна тероризмана пропаганда ярца доьзна гIуллакх толлуш.

Iедало бехкедуьллу депутаташна Курдистанан Белхан Партица уьйраш латторна. Шемин дозанехь лаьтта Диярбакыр гIала. Курдой беха цу шахьарахь доккхачу декъанна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG