ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Газ халачу балийца кхочу нохчийн хIусамашка


Соьлж-ГIаларчу Октябран кIоштахь, Iедало бина хаам а боцуш, газ йоцуш висинера шинарийдийнахь кхо эзар сов вахархо. Бахьана хууш дацара нахана дийнан делкъан хенахь а. Газ латточу хьукматан диспетчерша биргIанаш тоеш ю, аьлла шайга телефонаш еттачу бахархошка. Газ шайн хIусамашкара дIахадорна кхоьруш бу Гуьмсан а, кхечу массех а кIоштахь нах –ахча д1адоьхуш хIусамашкахула лела коммуналхой, ткъа бахархойн, цара бечу леткъамашка ладоьгIча, яц ял охьайилла таронаш.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG