ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талламхоша чIагIдарехь, министро Улюкаевс кхерам тесна хилла "Роснефтан" векалшна


Улюкаев Алексей.
Улюкаев Алексей.

Кхаъ оьцуш лаьцначу Оьрсийчоьнан экономика кхиаран министро Улюкаев Алексейс кхерам тесина хилла "Роснефть" векалшна. Цунах лаьцна дIахьедар дина Талламан комитетан векалша. Министро тийсинарш хIун кхерамаш бу дуьйцуш дац, цо иза телефонехула дина бохуш чIагIдар а бен.

Оьрсийчоьнан коьртачу банкан гIантден когаметто Швецов Сергейс дIахьедар дина РИА Новости агенталлана Улюкаев лацар цхьа а доцург ду аьлла.

Министр Улюкаев лаьцна хилар хиина яханчу буса. Талламхойн версица, цо ши миллон доллар кхаъ эцна, стохка "Роснефть" а, "Башнефть" а компанеш цхьаьнатохаран дикачу агIор мах хадорна.

сми

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG