ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

 Starbucks кофе молчу меттигашкахь дуьхьалонан акци йолийна Трампан агIончаша


Iамерка. -- Starbucks кофе молу меттигаш.
Iамерка. -- Starbucks кофе молу меттигаш.

Хаьржина волчу Iамеркан президентан Трамп Доналдан агIончаша социалан машанашкахула дIахьедар дина Starbucks цIе йолчу кофе молчу меттигашкахь #TrumpCup дуьхьалонан акци йолайо шаьш аьлла.

Цуьнан чулацам иштта бу. Трампан агIончаша, шайн цIе йоккхучу метта, цуьнан цIе а йоккхуш, кофе оьцу. Иза кечйина яьлча Starbucks-ан белхахочо кофе кийча ю Трампан олу мохь туху. Цу кепара Трампан цIе хезаш ю массо а Starbuck-ехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG