ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнан Iедало даржах вохийна кхин а 15 стаг


Пачхьалкхехь карчам бан гIортар толлучу юкъанна кхин а 15 даржхо балхара дIаваьккхина Туркойчоьнан Iедало. Балхара ханна мукъабаьхначийн, дIабаьхначийн терахь 110 стаге хьаладаьлла. Бу царлахь кхелахой, лакхарчу доьшилийн деканаш, хьехархой, тIеман даржхой, журналисташ.

Иштта белхан меттигех бохийна 2000 эзар гергга эскархо, 7,5 эзар полисхо, 500 жандарм, 5000 эзар ца кхоччуш пачхьалкхан хьукматийн даржхой. ДIакъевлина 9 хаамийн гIирс, 500 кеп-кепара юкъаралла, царлахь 18 гIоьналлин организацеш а ю.

Товбеца-баттахь дуьйнна верриг лаьцнарг ву 37 эзар стаг, Cumhuriyet оппозицин газетан журналисташ а бу царна юкъахь, курдойн оппозицин Партин лидерш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG