ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн керла гIоьнча билгалваьлла


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена гIоьнча хаьржина Вариченко Филипп. ДIахьочу Россия -1 телевизионан проектехь толам баьккхина Вариченкос. Кадыровс бахарехь, проектехь шайн хьуьнар гайта лаам хилар дIахаийтира эзар стага. Массо а зерашкахь хаарш лаккхара хилла, кхаж баьлла Дюссельдорфера схьаваьллачу 24 шо долчу Вариченко Филиппан.

Iамеркан Колорадерчу университетехь дешна ву иза. Карарчу хенахь кхиамечу немцойн компанехь менеджеран болх беш ву Вариченко.

Цо кхоьллина программа пайде хир ю Нохчийчоьнан экономикана аьлла хета Кадыров Рамзанна.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG