ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОБСЕ: Донбассехь машаран раж талхайо сепаратисташа


ОБСЕ-н мониторинган леринчу комиссин зерашца 2014-чу шарахь дуьйнна бечу талламашца дуьстича, тIаьххьарчу кIиранашкахь Малхбалерчу Украинехь уггар дукха маслаIатан раж йохорца масалш билгалдевлла.

Еарийдийнахь Iамеркан ОБСЕ хьажийначу векало Байер Даниэла дина и дIахьедар аьлла, дуьйцу «Украинформ» агенталлан хаамаша. Байера билгалдаккхарехь, машаран раж талхорна жоьпалла сепаратисташна а, царна гIортор латточу Iедалхошна а тIаьхь ду.

Конфликтан ший а агIо кхойкху ОБСЕ-н векало Минскан барт ларбаре, дуьхьало йоцуш муьлхачу а Донбассан лаьттатIе, къаьсттина сепаратисташа шайн карахь латточу мехкашка, кхача некъбитаре. Оьрсийн эскарша дуьненаюкъарчу тергамчашна кхерамаш тийсар алсамдаларна тIе тидам а бахийтина Байер Даниэла. ТIаьххьарчу шина баттахь исс и тайпа зулам хилла меттигаш бу, цхьана а кепара таIзар доцуш дисина а ду уьш.

Магийта мегар дац иштаниг, дIахьедо Iамеркан ОБСЕ векало. Iамеркан цIарах юха а доьху Байера эскарш маьрша нах бехачу лаьттатIера дIадахар.

Оцу юкъанна шен дехар кхочушдар тIелаьцначу украинхойн агIонна баркалла а элира цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG