ОвхIанистанан лаккхарчу даржера цхьа инарла велла, лаххара ворхI эскарера буьйранча лазийна Бадгис провинцехь доьхначу беракеманчохь.
Маршо Радионе тIеман министраллан векало Радманиш Мохьаммада бинчу хаамца инарла Гори Мохьаеддин а, кхиболу буьйранчаш а чохь хилла кема охьадосса гIертачу муьрехь доьхна Чакх Мури юьртана гергахь шинарийдийнахь.
Радманиша дийцарехь, беракема шен чуьрчу техника галъяларца доьхна, герз тоьхна дожийна а дац. Делахь а, тIалибаша даржийна, иза шаьш дохийра иза, аьлла.