ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТехIеранца цаэгIар хьоьху Трампна


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа президент хаьржинчу Трамп Доналде ГIажарийчоьнан зарратан программин хьекъехь дIахьедар дина Юкъарчу Иччархойн Урхаллин (CIA) директоро Бреннан Джона кхаарийдийнахь.

ТехIеранца, цо зарратан герзаш кхуллур доцуш, дуьненаюкъарчу хьукматаша бинчу бертан керлачу президенто ларам ца бахь, иза «катастрофа» а, «кIоргга кхетамзалла» а хир ю, аьлла Бреннана.

10 бутт хьалха Брюсселехь хиллачу бертаца а догIуш, дуьнено малйира ГIажарийчоьнна тоьхна лела санкцеш, мехкдаьтта дохка а магош. Амма Трампа, харжамийн мур хьош, бохура, президент хIоьттина меттиг хилахь, ша ТехIеранца бина барт бохор бу.

Деа шарахь Юкъарчу Иччархойн Урхаллин (CIA) директор лаьттина Бреннан Джон шегара дарж дуьтуш ву бутт хан яьлча.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG