ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчура финансийн министралла реза яц федералан бюджетера 2017-чу шарахь республике хьажор йолчу дотацешна. Цу министраллан департаментан куьйгалхочо Дукаев Заура RNS агенталле бинчу хаамца, кхачам боллуш бюджет хIотто Нохчийчоьнна оьшу 53 миллиард сом гергга. Ткъа дерриг а республико 2017-чу шарахь дайа дезачу ахчанан барам бу 74 миллиард сом.

Оршотан Iуьйринна хаам кхаьчна Оьрсийчоьнан федералан бюджетера лур долчу ахчанан барам стохка санна буьсур бу аьлла. Ткъа иза ду 40 миллиард сов сом.

Лахьан бутт болалуш Кадыров Рамзана дIахьедар динера ша реза ца хиларх лаьцна, республикан бюджет лахъяр Iалашонца Оьрсийчоьнан финансийн министралло хIоттийначу планана, республикана ша тайпа хьелаш кхолла деза аьлла.

XS
SM
MD
LG