Москох тIеман кхел реза хилла адвокатийн дехарца Немцов Борис верца йоьзначу кхеле кхайкха Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн эскаран «Север» батальонан командиран когаметта Геремеев Руслан а, цуьнан вешин кIант Артур а. Цунах лаьцна хаам бина «Интерфаксо».
Немцовн гергарчарна а, цуьнан накъосташна а хета иза вер вовшахтоьхнарг Геремеев Руслан ву аьлла.
Суьдан кхеташонехь адвокато Прохоров Вадима дIахьедар дина, кхеле кхайкха беза Нохчийчоьнан а, цу республикин ницкъаллин структурийн а лаккхара куьйгалхой аьлла.
Немцов верна кхеле озийна ву 5 стаг. Иза вийра Москох юккъехь 2015-чу шарахь Чиллан-беттан 27-чу дийнахь.