Немцойн контрталламан сервисан куьйгалхочо Маассен ХIанс-Георга бехке йина Оьрсийчоь пропагандица а, хакерийн тIелатаршца а Германера хьал чолхе даккха гIертарна. Цунах лаьцна хаам бо Associated Press агенталло.
Маассена дийцарехь, 2017-чу шарахь Германехь хир болчу парламентан харжамашна тIеIаткъам бан гIертаран тоьшаллаш гучудевлла царна.
Германин леррина сервисаш саготта ю Оьрсийчоьно, социалан машанашкахь харц хаамаш баржош, шен пропаганда шоръян мегаш хиларна.
Зазадоккху-баттахь Маассена дIахьедар дира «оьрсийн талламан сервис» бундестаган компьютеран машанна кибертIелатарш дан гIоьртина аьлла.