Оьрсийчоьнан Ийначу ТIеман Исбаьхьаллан кхеташонан ММА (Mixed Martial Arts) президенто Емельяненко Федора дIахьедар дина, шен цхьа а дов дацара Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца аьлла.
Цо дийцарехь, цо билгалдаьккхинера низам дохийна хилар. «Цхьа а конфликт яцара. Ас билгалдаьккхира низам дохийна хилар. Кхин хIумма а дацара», - аьлла Емельяненкос.
ГIадужу-бутт болалуш Соьлж-ГIалахь дIадаьхьначу Grand Prix Akhmat-2016 летаршкахь дакъалецира Кадыровн кхаа кIанта. Низамаш дохош бераш летийтарна критика йинера Емельяненкос.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана бехкевира Емельяненко Федор нахалахь леларан оьздангаллин къепе йохорна, турнирехь даьккхинчу суртах пайда а эцна.