ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iай лело чкъургаш яцахь машен дIайокху Нохчийчохь


Iай лело чкъургаш йоцу машен дIайоккхуш Iедал ду Нохчийчохь. Цунах лаьцна хаам бина VistaNews.ru агенталло.

Цо дийцарехь, иза сих-сиха хуьлу кху гуьйранна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цу хьокъехь хьехам бинчул тIаьхьа.

И низам дохийначу Нохчийчура бахархоша дийцарехь, гIуда тоьхна машенаш латточу метте хьежа бо уьш, муьлхха а кхачам бацар бахьана долуш.

VistaNews.ru агенталло билгадаккхарехь, машен некъан полицино дIайоккху, 500 сом гIуда а тухуш. Ткъа юха цигара иза дайига воьлча цу ахчанан терахь масуьйттоза алсамдоккху бохуш, латкъамаш бо машенийн долахоша.

Нохчийчура адвокатийн коллегин векалшна хетарехь, машен дIаяккха бакъо яц некъан полицин белхахойн. Амма махкахь лелачу низамаша, Iаьнан чкъургаш ца лелорна гIуда догIу 50 туьма.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG