ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

КIиранде вуно йочане хила мегаш ду Нохчийчохь


Хенан хIоттаман говзанчаш дийцарехь, вуно доккха ло дан мегаш ду Нохчийчохь кхана, ГIура-беттан 13-чу дийнахь (КIиранде). Юкъа-кара догIанца догIуш ло хила а мега. Цул сов, хьоькхуш онда мох а хир бу, цхьайолчу меттигашкахь дохк хир ю. Некъаш ша хьахна хила а мега.

Цу кепара Iалам карзахадала мегаш хиларна Оьрсийчоьнан Орцаллан министраллан Нохчийчура урхалло хьехарш дина бахаршна доккха ло диллахь а, иза догIа хилахь а, дохк а, мехаш а хилахь а дан дезарг дуьйцуш.

Коьрта хьехар шайн чохь Iар а, ларлуш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG