ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан министрийн кабинето - Нохчийчохь динчу зуламех


Европан министрийн кабинетан кхеташоно 4 резолюци арахецна Страсбургерчу адамийн бакъонийн кхело Оьрсийчоьнна дуьхьал тIеэцна хиллачу сацамийн хьокъехь.

Царалахь ду, масала, «Хашиев а, Акаева а Оьрсийчоьнна дуьхьал» цIе йолу, 1999-2000-чу шерашкахь Соьлж-ГIалахь федералан эскарша нах байарх а, Котар-Юьрта тIе ракеташ еттарх а долу ши дов. 20I5-чу шарахь Европан кхело 15, 20 эзар евро Хашиев Мохьмадна а, Акаева Розина а дIадала декхарейира Оьрсийчоь.

Европан министрийн кабинетан кхеташоно кху шен резолюцешкахь бехкейо Оьрсийчоь Европан кхелан сацамаша ша декхаре ма-ярра цо Нохчийчохь тIемаш беш дина зуламаш теллина а, толлуш а дацарна. Зуламхой схьа ца лехна, девнаш кхеле ца кхачийна Оьрсийчоьно, билгалдоккху Европан министрийн кабинетан кхеташоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG