ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алеппохь тIом сецнехь а, маьрша бац цигара бахархой


Шема --Алеппона гергахь, цигара бахархой дIабига ялийна, лаьтта автобусаш, 14ГIу2016
Шема --Алеппона гергахь, цигара бахархой дIабига ялийна, лаьтта автобусаш, 14ГIу2016

Шемин Iедалан эскарша мукъаяьккхинчу Алеппон малхбалерчу декъера бахархой кхерамзалла йолчу дехьабаха болор бу кхаарин я еаран дийнахь, хаам баржийна дуьненан агенталлаша. ТIом а сацош, маьрша нах арабаха бартбина агIонаша – Асадан Iедало а, гIаттамхоша а.

Дийцаршкахь дакъалаьцна Оьрсийчоьно а, Туркойчоьно а. Ткъа цкъачунна гIаличуьра арабовлийтина бац нах. ГIаттамхоша цунна бехкедо Асадехьа тIемаш беш йолу гIажаройн тобанаш. Шаьш маьрша алеппохой къелхьарабохуш дакъалаца кийча юйла дIахаийтина дуьненаюкъарчу хьукматаша.

Оьрсийчоьнан Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацинерчу векало Чуркин Виталийс дIахьедира шинарийдийнахь, Алеппо ерриг а Асадан ницкъийн карахь а ю, цигара тIемаш а севцца, аьлла.

Оцу юкъанна, Оьрсийчоьнан Нью-Йоркерчу Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацинерчу миссина гергахь протестан акци хIоттийра Iамеркахоша. Демонстрантийн карахь дара «Бераш дойург» тIеяздина президентан Путинан суьрташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG