ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вице-премьер Горобец: Къоьлло лоцуш ю Оьрсийчоь


Оьрсийчу йоьссина къоьлла дуккха а кхераме ю пачхьалкхан статистико юьйцучул а, дIахьедина вице-премьеро Голодец Ольгас. Статисташа 15 процент бу боху къен нах, ткъа нахе шайга хаьттича, уьш кхин а дукха бу, Оьрсийчохь ваха стагна кхачош долу хьелашца эша ца яло къоьлла, аьлла цо «Интерфаксе».

2014-чу шарахь дуьйна эшадоьлла нехан дахаран хьелаш. Росстато далочу терахьашца, къоьллехь веха 22 миллион стаг, 5 миллион вуно лахарчу алапашна тIехь бовлу хене – 7500 соьмал лакха ца довлу иштачийн алапаш.

Адамашкара хьал зуьйчу дуьненаюкъарчу Global Wealth Report хьукмато арахецначу рапорто билгалдоккху Оьрсийчоь уггаре сиха къоьлла естачу мехкашлахь 3-ниг хилар. Кхушара I5 процентна лахделла Оьрсийчоьнан бахархойн долакхочу ахча – 200 миллиард долларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG