ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даудов Мохьмад: "Экстремизмах мохк ларбо оха"


Кхушара шайн бехкашна къера а хилла,Iедална тIевахана 7 низамца воцу тIемало а, церан гIоьнчаш а, хаамбина Нохчийчоьнан администрацино. Хаам баржийнарг ву мехкан парламентан спикер Даудов Мохьмад.

«Къайлахчу банданашкахь гергарнаш болчу 450 сов доьзалца профилактика лелайо, Шема тIаме бахана бандиташ цIехьа ца берзийтарехьа лаьтта», - аьлла Даудовс Нохчийчубрчу антитерроран комиссин кхеташонехь.

Цо дийцарехь, даима а толлу Iедалхоша интернет, Iорабоху оцу чухула экстремизм яржораш. Антитеррорна комисси йоцург, талорхойн идеологина духьаллаьтта 26 тергамхойн тоба, боху Даудовс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG