ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Туркойчуьра векал вийна Хонкарахь


Цхьаьнатоьхначу Къаьмнийн Организацино (ООН), цхьана къахьегарехула йолxу организацино (ОБСЕ-н), Британис, Францино, кхин а дуккхаъчу пачхьалкхаша емалдо Оьрсийчоьнан Туркойчуьра векал Карлов Андрей вер.

Герзах воьттинчу стага «Оьрсийчоь туркойн бIаьргашчухула» аьллачу суьртийн гайтам дIахьочу галерейна динчу тIелатарехь вийна Карлов.

Haber Turk порталан хаамашца, векал вийнарг ву, Туркойчохь карчам бан гIортарна бехке лерина, Хонкарарчу полицера вохийна белхахо. Ша тIелатар дечу хенахь мохь биттина цо, Шемех, Алеппох чIир оьцуш ву ша бохуш. Полицино вийна иза.

62 шо долу Карлов Андрей Оьрсийчуьра Туркойчохь векалан даржехь вара 2013-чу шарахь дуьйнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG