ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марсабаьлла Украинехь тIом


Малхбалерчу Украинан Дебальцевохь шинарийн Iуьйранна марсабаьлла тIом оьрсийн сепаратисташна а, украинхощна а юкъахь. Хьалхо дIакхкайкхина «тийналлин раж» йохийна. Фейсбукерчу шен агIонтIехь волонтеро Кабакаев Семена бина и хаам.

Цуьнан хаамашца, сепаратисташа сихдина Украинан эскархойн позицешна тIе герзаш деттар, церан карара меттигаш дIаяхархьама. КIирандийнахь Светлодарская дуга олучу меттигехь хиллачу тIамехь эгна украинхойн 5 тIеман гIуллакхдархо, 20 гергга лазийна. ТIаьххьарчу 5 баттахь Украинана хилла уггар даккхий зенаш лору уьш.

Яхначу буса оьрсаша 47-зза герзаш диттина украинхойн тIемалоша Донбассехь лаьцначу купна тIе. Мариуполан, Луганскан маьрша нах бехачу масех кIошташна а диттина герзаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG