ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу Алеппора гIаттамхой а, маьрша бахархой а арабаха хьажийна йолу автобусаш совцийна къаьстина доцучу бахьанашца. Адамийн бакъонаш ларъярехула йолчу Шемарчу мониторинган центро бина и хаам. Оцу юкъараллан бакъонашларъярхоша чIагIдарца, 60 автобус лаьтта йочана йолуш гIаличуьра араяла таро йоцуш.

Алеппохь висинарг верриг а ву центран терахьашца 3 эзар стаг. ГIаттамхоша керла тIедожораш дуьхьалдахарна сацийна эвакуаци аьлла Шемин Iедало. Дамаскана дуьхьал лаьттачу тобанаша Асад Башар бехке лору.

Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаран дагардаршца, тIаьххьарчу деношкахь Алеппора араваьккхина 25 эзар стаг.

XS
SM
MD
LG