ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчуьрчу Конституцин кхелан куьйгалхо хIоттийна 63 шо долу Насуханов Ваха. Депутаташа цхьабоса куьгаш айдина цуьнан харжамна. ГIадужу-бутт бовш кхелан куьйгалхо Байханов Ислам бахаман, латтанан юкъаметтигийн министран гIента хаийначул тIаьхьа дуьйнна мукъа дара и дарж.

Насуханов вина Куьрчала кIоштарчу ЦIонтрахь. Хьалхо Гуьмсан администраторан даржtхь вара иза. Кхо шо а ду парламентан депутатшлахь волу.

Шиъ лаккхара доьшийла чекхъяьккхина Насухановс: Соьлж-ГIалара пачхьалкхан университет а, ХIинжа-ГIалин финансийн, бакъонийн институт а.

XS
SM
MD
LG