ТIекхочийла долу линкаш

ХIинццалц санна шуьйрра кхайкхош, уггар лекха база ю бохуш, кечлуш яц Нохчийчоь Керлачу шарна. Хьалха санна бес-бесара чиркхаша серлаяьккхина Соьлж-ГIала йоллушехь, юккъаралла самукъане яц.

Кху шарахь санна дог ца догIуш, аьлча а, сингаттаме Керла шо хилла хир дац Нохчийчохь, ша 22 шо хьалха тIом болабелла денош ца хиллехь.

Дийнахь мелла а хьасийне хуьлу адамаш, ткъа сарахь сингаттам гуттара а чубулий, шаверриг, шайн хьийзачу ойланашца чувоьрзу.

Дог-ойла айъа ца йо, Соьлж-ГIала чиркхаша къагийна хиларо а.
Керлачу шарна кечамаш бечеран а, дог-ойла йожийна хир ю, кху тIаьххьарчу деношкахь хиллачу бохамо а, цул тIаьхьа яьллачу гIовгIано а.

Керла шо даздийр доцучарна юккъахь доккха дакъа ду, иза бусулба нехан дезде доцу дела, цунна терго йийр йоцуш.

ТIехьа-Мартан кIоштера Мусаева Марьяман доьзалехь а цхьа а базалг а йоцуш, къаггийна летта стогар а боцуш, могIарера де санна дIагIур ду и де. Цо иштта элира:


Мусаева: «Кху шарахь а, тIейогIучу хенахь а, «Керла Шо» боху дезаде тхан кертахь хир долуш дац. Бусулба Iедалехь доцург кхин Керла Шо хир дац-кх тхан. Ишколехь берашна иза ца хIоттийча ца йолу, ткъа тхан цIахь-м хир дац иза».


Мусаева Марьяма бахарехь, бусулба динехь хIара Керла Шо даздар хьарам хиларал сов, гIалахь долчу хьолана а реза яц иза.


Мусаева: «База йолчу Соьлж-ГIала дуьгура ас бераш. ХIинцачул тIаьхьа-м дуьгур дац ас. Аьхка парке а дига кхоьру со-м. Оцу гIалара схьахезачо кхерийна. ЦIахь даха мукъна а дитахьара тхо».


Соьлж-ГIалара вахархочунна Абуев Ильясна а ца хета Керла Шо ша шена додьзалехь даздан деза аьлла. Цунна "эрна еш йолу харж" хета иза.


Абуев: «Цхьаболчара иза чIогIа даздо. Кхечара тидам а ца бо цунна. Со а вац иза даздан хьаьгна кху шара. Хьалха санна карах ца долу я самукъа дала меттиг а бац. Кечамаш бан йиш а, хан а ца хуьлу».


Керла шо даздарх лаьцна дуьйцуш, массара а олу, "хьалха ма хаза дара", ша верриг вовшах а кхетий, гIалан коьрта майдане а боьлхий, цигахь самукъадоккхура.

Ткъа, хIинца нехан вовшех йолу марзо дIаяьлла, эвхьазлонаш а алсамъяьлла, аьлла кхин дIа а дийцира соьлжгIалахочо Абуев Иляса.


Абуев: «Хьалха самукъадолура. Кху тIаьхьарчу 3-4 шарахь чIогIа эвхьазлонаш хуьлу. Мелла нах а хуьлу. Хьо ненаца , йишица хилча а, товш ца хуьлу иза. Цундела буьйсанна тхо ара а ца довлуш, чохь Iа».


Амма бу Нохчийчохь шинна даггахь: даздича а, ца даздича а бохуш болу нах а. Даздан лиъча а, иза муха, мичахь хир ду а ца хаьа шена бохуш дийцира Теркйистан кIоштера вахархочо Абдулмежидов Хизара.


Абдулмежидов: «Керла шо тIедогIур ду-кх. Хуур ду-кх иза муха даздийр ду. Башха самукъадолуш-м вац со иза даздан».

Баккхийчеран кху Керлачу Шарах самукъа ца далар, кегийчу берех а дIакхетта. 4 классера дешархо Янаркаева Ализа арз деш яра, шайн цIахь хIинца а цу дездаршна кечамаш бина бац бохуш.


Янаркаева: «Суна Керла Шо чIогIа хазахета. Тхан цIахь даима хIоттош ю база. Стохка а, кху шарахь а ца дигина тхо гIалара базана гонах, "цIахь ю шуна" бохуш».


Де дийне мел долу Соьлж-ГIала къагош ю Керлачу Шарна лерина.

Базалг а ю дIахIоттийна. Хьалха иза коьртачу маьждиган уллерчу йоккхачу майданахь хуьлура, ткъа кху тIаьххьарчу шерашкахь, Соьлж хил дехьа а яьккхина, керстан килсна гена йоццуш хIоттийна.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG