ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кху шарахь Францин полицино 17 теракт ца хилийтина


Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Ле ру Брюнос дIахьедо, шайн полицино кху шарахь дан леринчу 17 терроран тохарна дуьхьало йина аьлла.

Дахначу шарахь Парижехь цхьа могIа теракташ динчул тIаьхьа, Iедало пачхьалкхехь цкъа кхайкхийна чолхечу хьолан раж пхоьазза дIаяхъйира. Оцу хьолехь полисхойн бакъо ю, кхелера бакъо а йоцуш, цIийнах хьежа а, нах леца а, дуьхьалонан акцеш ца хIиттаяйта а, нах алсам вовшахкхета меттигаш дIакъовла а.

Цул совнаха, дозанашкахь тергояр чIагIдан а. Брюнос бахарехь, Берлинехь теракт хиллачул тIаьхьа Францин Германица а, Люксембургца а, Швейцарица а долчу дозанашкахь чIагIдира чу-ара валарца долу низамаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG