ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь дIахьочу Керлачу шеран даздаршкахь юьхьанцарчу классашкарчу зудаберашна тIехь пхьуьйшаш доцу кучамаш тiехь ма хилийта аьлла, бехкам бина дешаран урхалло.

2006-чу шарахь дуьйнна Нохчийчохь зударшца, церан духар бахьанехь, болийна къовсам, тахана а дIахьош бу.

Наггахь, ша бакъболчу тIамехь санна мороторий лаьтташ, цкъацкъа керлачу ницкъашца марсаболуш, чIагIлуш, маллуш…

Хетарехь, политикехь уггар коьртчех проблема ю и.

Меттигерчу телевизионан эфирашкахь дукхе дукха дуьйцура, зударий чохь-арахь, балхахь духарца оьзда хила дезарх, хIора доьзалехь боьршачу нахана шайн зударшна тIехь сема Iуналла дар тIе а дожош.

Терахьашкахь карладоккху Маршо Радионо.

2010 шо. Нохчийн зудчун денна леринчу Соьлж-ГIалин театран-концертан хIусамехь дIахьочу тойне ца буьтура зударий, церан коьртахь йовлакх дацахь а, доллу дегI хьулдеш тIехь духар дацахь а.

ХIетахь ярташкара кхайкхина балийначу дуккхаъчу а зударийн чам байира цу дийнан.

2011-гIа шо. Дийнан делккъахь Путинан цIарахчу проспектехь, коьртахь йовлакх доцу зудабераш лоьхуш, царна нийсалла тIе а хьежош, тоьпашчухула басарш детта буьйлабелира леррина арабаьхна «иччархой-снайперш».

Видеош яра хIетахь социалан машанашкахь яьржина, «оьзда хила, хьайн коьрта йовлакх тилла, эхь дац и», бохуш, божарша маьхьарий а детташ, зудаберашца тIом дIахьош гойту.

Бакъонашларъярхоша даредарца, масех зудабер, лазийна, чевнашца дарбан цIийне далийна а хиллера хIетахь.

2012- гIа шо. Берийн бошмашкахь, школашкахь, лакхарчу доьшийлашкахь дешархошна а, педагогашна а, пачхьалкхан белхашкахь болчу зударшна тIедожийра шайн хатI битаме далор.

Цхьа мас ца гойтуш коьртахь йовлкх лелон а, коган хьорка къайла а йоккхуш еха коч юха а.

Цул совнаха, лакхе кIайн, лахе Iаьрчажу басахь аьлла, билгалбаьккхира школашкахь духаран барам.

Дуккхаъчара тIеийцира и духар. Цхьаболчара лаамца, вукхара ца боьвллачу денца.

Iедална хетарехь, нохчийн довш лаьтта гIиллакх-оьздангалла, нохчаллин мехаллаш кIелхьараяха декхаре ерг еккъа цхьа зуда ю.

2013-гIа шо. Меттигерчу «Грозный» телекомпанин белхахошна-зударшна а дихкира коьртахь хьиджаб йоцуш балха бахка, резабоцурш балхара шаьш дIабохур хиларца, кхерамаш а туьйсуш.

И догIуш дац нохчийн Iадаташца

2015-гIа шо. «ТIаьххьарчу хенахь нохчийн гIабалин юхучу метта, европахойн хотIехь кучамаш лело девлла вайн маре доьлху зудабераш. И догIуш дац нохчийн Iадаташца».

Иштачу кепехь шога дихкира Кадыров Рамзана туьканийн долахошна махка эвхьазе кучамаш йохка кхехьар.

«Спортехь шен духар ду, синкъерамехь кхечу кепара, балхатIехь белхан хатI лело деза. Я балха веана и стаг я хийисте лийча веана къаьсташ хила деза.

И ду ас бохург, ткъа зорбанаша иза дестийна дуьйцу» аьлла, ша бохучун дуьхье кхиорхьама, яздира Инстаграмехь Кадыровс.

Кху деношкахь, Керлачу шарна кечамаш бечу муьрехь, Нохчийчоьнан министраллан омраца юьхьанцарчу классашкахь дуьйнна зудаберашна дихкина барамашка пхьуьйшаш доцу а, чекх са гун а, тIелетта а кучамаш йохар.

И кост дIакхачийна кIоштийн массо а ярташкарчу дешаран хьукматашка а.

Масала, Шела кIоштахь официалехь ца магийна хьалхарчу классашкарчу берашна «снежинка» олучу кучаца дахка.

И дIахиинчу туьканашкарчу йохкархоша, шайна зен ца хилийтархьама, масех де а ду, шаьш цIен мах а белла чуоьзначу кучамашна тIе пхьуьйшаш тоьгуш, тегарш ден.

Ткъа Веданан кIоштийн эвлашкахь, Керлачу шеран барамашкахь цхьана а тайпана туьйранерчу турпалхойн духарш берашна тIехь ма хилийта аьлла, бехкам бина.

Таро йоьхна берийн нанойн. ХIинццалц мегаш хилларг, тахана а хIунда ца тарло-те хила бохуш, ца кхета уьш.

Ватс Апп олучу а, кхин а бес-бесара интернетан гIирсашца кара-кара оьцуш, дIасакхоьхьуьйтуш бу дешаран министраллан векало бина кхайкхам.

Цхьа а "снежинкаш" ма хилийта

Аз: «Лераме коллегаш! ДIакхетийталаш хIара къамел дайшка а, наношка а. Керлачу шеран школашкахь дIахьонболчу барамашкахь берийн духар вайнехан этикаца догIуш хила дезаш хилар. Царна тIехь оьзда духар хила деза, цхьа а «снежинкаш» а йоцуш.

Хьалххе дIахаийта наношка, кхана-лама «суна ца хаьара», «оха кучамаш эцна», «тхуна хьалххехь хиинехь» боху къамелаш ма хилийталаш юкъараллехь».

Иштта дIахьедар социалан машанашкахь лела ши кIира хан а ю.

Шела кIоштан Сирж-Эвларчу школехь хьехархо йолу Зарган дуьхьала яц, наноша хIуъа а бахарх а, оцу бехкамна.

Цкъа делахь, дай-наношна бала хир бац, шолгIа делахь, цатовра шена боху цо, маре доьду нускал санна, къагийна бераш наноша шайна, хьехархошна, хьалха далор.

Маре йоьдуш а ца кечъелла со-м оццул лерина.

Зарган: «Дика хета суна. Щен школехь лелочу духарца доьхна, эцца шайн стих йийцина, дIагIур ду и бераш. ЮьхьтIе хIуманаш хьоькхий, гIабалеш юхий, басарш, пударш хьоькхий, кечбора оцу наноша и шайн 2-чу, 3-чу классера йоьIарий.

Нускалш санна кечбора наноша йоьIарий. КIажош долчу мачаш буьххье а бовлий.

Маре йоьдуш а ца кечъелла со-м оццул лерина. Берашкара церна бералла дIаэцар ма ду и. Тхайна хьалха ишта бераш дахкош ца тара».

Доцца аьлча, зударшца тIом бу тахана махкахь саццаза дIахьош. Хуьлийла иза хIинцца когадоьду бер я гIеметта хIоьттина зуда…

Юьйцуш яц цуьнан адмаллин бакъо, ненан бакъо, нохчийн йоьIан бакъо, беран бакъо.

Амма хууш-м дац, кхана-лама хIун мода юкъаер ю, хIун карчамаш хир бу духаре болчу хьажамехь Iедалан коьртехь болчийн…

Ткъа тахана «никаких снежинок»!

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG