ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донецкера сепаратисташа Украинан векалшка дIаелла ши йийсархо


Украина -- Йийсаре лецна нах хуьйцу меттиг. 2016.
Украина -- Йийсаре лецна нах хуьйцу меттиг. 2016.

«Донецкан халкъан республика» олучу сепаратистийн тобан векалша ши зуда дIаелла Украинерчу йийсархой маьршабохучу "Эпсарийн корпус" олучу центран куьйгалхочуьнга Рубан Владимире.

Царах цхьаъ ю Новоазовскерчу кIоштан суьдхо Преснякова Анжелика. Сепаратисташа иза йийсаре муха лаьцна хууш дац.

ШолагIа дIахецнарг ю Ивано-Франковскера «Голос-инфо» агенталлан журналист Сворак Ольга. Иза лаьцнера «Луганскан халкъан республика» шех олучу тобано 2016-чу шеран Мангал-баттахь. Своракана бехке диллинарг дара Украинехьа шпионаж лелор.

Сепаратисташа и ши зуда дIаелла Рубан Владимире Донецкана а, Макеевка олучу эвлана а юккъехь.

ГIура-беттан 26-чу дийнахь сепаратисташа дIахьедар динера шайн дика ойла хилар гойтуш «Украинан халкъан векале» Савченко Надежде ши зуда дIаяла кийча ду шаьш аьлла.

Оццу хенахь Киево дIахьедар дина, шайн дика ойла хилар гойтуш, маьрша воккхур ву шаьш 15 сепаратист (6 зуда а, 9 хала цамгарш ловш болу нах а) аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG