ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров: Немцов верна Геремеев бехке ву бохург цхьаммо долийна ду


Оьрсийчоь -- Кадыров Рамзан, Москох, ГIура-бутт, 1, 2016
Оьрсийчоь -- Кадыров Рамзан, Москох, ГIура-бутт, 1, 2016

Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу эскарийн «Север» батальонан командир хилла Геремеев Руслан дакъалоцуш хилла Немцов Борис вуьйш бохуш шеконаш хилар цхьаммо долийна хIума ду аьлла, дIахьедар дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунах лаьцна хаам бина «Дождь» телеканало.

Кадыровна хетарехь, Геремеев декъах вац Немцов верна. «Нагахь суьдо дIалацахь, цунна бехк кховда бахь, тIаккха гур ду вайна. Геремеев ванне а бехке вац, соьга хаьттича. ХIунда аьлча, иза цхьаммо долийна гIуллакх ду», - боху Кадыровс.

ГIура-бутт болалуш «Дождь» телеканалана интервью луш Кадыровс элира, Немцов «Оьрсийчоьнан мостагIаша» вийна аьлла. Цо чIагIдарехь, цунна бевза нах цхьа а юкъаметтиг йолуш бац Немцов верца.

Немцов вер толлуш дIахьочу гIуллакхаца а догIуш, Геремеевн цхьа а статус яц процессаца йоьзна йолу, амма цуьнан цIе йохуш ю кхелан материалашкахь. Эшам хилла агIо тIера ца йолу Немцов верна бехке болчу нахах цхьаъ ву Геремеев бохучунна.

Хьалхо «Росбалт» агенталло хаам бира, Геремеев Оьрсийчура дIавахана, иза Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташкахь вехаш ву аьлла.

Чиллан-бутт болалуш Немцов вер луьстуш йолу Москох кIоштан тIеман кхел реза хилира Геремеев а, цуьнан вешин кIант Артур а леван кхеле кхайкха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG