ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бабич Туркойчу векал хьажийна хилар бакъ ца до Кремло


Оьрсийчоь -- Приволжски федералан гонехь президентан векал Бабич Михаил, Товб. 20, 2016
Оьрсийчоь -- Приволжски федералан гонехь президентан векал Бабич Михаил, Товб. 20, 2016

Оьрсийчоьнан Туркойчохь волу векал хIотийна Приволжски федералан гонехь президентан векал волу Бабич Михаил бохург харц дина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло.

Песковс дийцарехь, цкъачунна цу тайпа сацам бина бац. Цо чIагIдарехь, хууш дац иза маца хир бу а.

Оьрсийчоьнан Туркойчохь волу векал Карлов Андрей вийра ГIура-беттан 19-чу дийнахь Хонкарахь. Полицин белхахочо Алтынташ Мевлюта масийттоза тапча туьйхира цунна, оьрсаша кечбинчу гайтамехь вист хуьлуш иза волуш. Ша Алтынташ кхелхира кхечу полисхошца хиллачу герзаш тохарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG