ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Берах йолу зуда кхалхарна лор бехке йина Нохчийчохь


Талламан комитетан Шелковскойн кIоштахь долчу декъан белхахоша дIадерзийна шаьш толлуш хилла бехктакхаман дов. Бехке йеш ерг ю Шелковскойн "Коьрта дарбан хIусаман" коьртачу лоьран когаметта.

Цуьнан карах ларамаза елла берах хилла зуда, аьлла хета талламхошна. Лоьро шен хеннахь, дарбан хIусаме охьа а йиллина, оьшуш долу дарба ца дина берах йолчу зудчунна.

ЦIе йоккхуш йоцучу лоьрана 3 шо хан тоха мегаш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG