ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Iедалша аравоккхуш ву Iамеркан 35 дипломат


Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей, ГIура-бутт 14, 2016
Оьрсийчоь -- Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров Сергей, ГIура-бутт 14, 2016

«Тешам байна нах» бу аьлла 35 Iамеркан дипломат махкара араваккха сацам бина Оьрсийчоьнан Iедалша. Царна юкъахь ву 31 Iамеркан Москох векалаллан белхахо а, Петарбухера инарлан консулатера 4 белхахо а.

ТАСС агенталло бинчу хаамца, цунах лаьцна дIахьедар дина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс. Цо билгалдаккхарехь, и сацам тIечIагIбан безаш ву президент Путин Владимир.

ПIераскан дийнахь Iамерко, 35 дипломат ара а ваьккхина, керла санкцеш кхайкхийна Оьрсийчоьнна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG