ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровс харцдина Соьлж-ГIалахь дарбанан хIусамехь кхо тIемало вийна бохург  


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана харцдина Соьлж-ГIалахь дарбанан хIусамехь кхо тIемало вийна аьлла зорбанан гIирсашкахь гучубаьлла хаам. Шен Инстаграмехь цо яздина «зуламхой дарбанан хIусамехь бу контртерроран операци дIаяьхьначул тIаьхьа", аьлла.

ГIура-беттан 17-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь кегийрахоша тIелатар динера полицин белхахошна, цул тIаьхьа леррина операци дIаяьхьнера масийтта стаг а вуьйш, 4 стаг дIа а лоцуш. ЦхьамогIа зорбанан гIирсашкахь хаам баржийнера, дарба деш болу тIемалой муьлуш бу ца хуучу наха байина аьлла. "Суна ца хета и эхь доцу сий доцу пуьташ бийцаре бан беза аьлла»- яздина Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG