Полшехь Бане олучу гIалахь бIеннаш бахархой гулбеллера ГIура-бетта 19-чу дийнахь Берлинехь теракт еш вийначу машен лелорхочуьнан Урбан Лукашан тIеххьара Iо дика ян. Тезета веанера Полшин президент Дуда Анджей. Делкъхенахь ерриг а пачхьалкхехь киралелочу машенаш маьхьарий туьйхира Урбанца дIасакъаьсташ.
37 шо долу Урбан карийнера ГIура-беттан 19 дийнахь терроран тIелатар деш лелийначу машенан кабини чохь. 11 стаг а вуьш, машен тIетоьхнера Тунисера Амри Аниса Берлинехь базарахь болчу нахана. Полисхоша дийцарехь, Урбан дуьхьалтийсавелла хиллера, зуламхочо тапча тоьхна ша веллалц.
Полшин Iедалша шена тIелаьцна Урбан дIаволлар, ткъа Британерчу гена кира лело машен лелорхочо Дункан Дэйва Урбанан доьзална сагIийна делла 200 эзар евро.