ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герзаца телатар дина иттаннаш адамаш дайина зуламхо лоьхуш ю туркойн полици


Туркойчоь -- Иттаннаш адамаш дайина зуламхо лоьхуш ю туркойн полици, Дечк.1, 2017.

Туркойчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министро Сойлу Сулеймана бинчу хаамца, лаххара а 39 стаг вийна, 40 сов лазийна Истанбулехь Reina олучу буьйсанна садоIучу клубана тIелатар дар бахьана долуш.

Байинчарна юкъахь 16 кхечу пачхьалкхашкара нах бу.

Полицино лоьхуш ву тIелатар дина лаххара цхьа стаг. Цхьаболчу хаамашца, клубехь герз диттина стаг ГIура Дадан духар доьхна хилла.

Клуб Reina Истанбулан Ортакёй олучу кIоштахь ю. ТIелатар деш цу чохь хилла масийтта бIе стаг.

NTV цIе йолчу туркойн телеканало бинчу хаамца, адамаш доьхна Босфор чулелхаш хилла, къелхьардовла гIерташ, хаам бо ББС-но.

Истанбулехь адамаш дайарна кадам бина Iамеркан президенто Обама Барака а, Евробертан дипломатин куьйгалхочо Могерини Федерикаc а, НАТО-н инарлан секретаро Столтенберг Йенса а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG