ТIекхочийла долу линкаш

Шайн махкахь тховкIело карийна веха 5 нохчо ЭрдогIанан Iедало дIавала тарло Оьрсийчоьне, ткъа уьш Путинан Iедало хIаллакбийр бу шеко а йоцуш, аьлла, куьйгаш лахьош петици яржийна Туркойчуьрчу нохчийн диаспоро.

Истамулерчу Кумкапи меттехь полицино лдаьцна кхобу вуьйцучу пхеаннах шиъ – Кужулов Собар-Iела а, Мухаев Майрбек а. Кхело листа деза и шиъ а, важа 3 а Москох дIахьожарах долу дов.

Лецнарш бу Нохчийчохь кеп-кепарчу хенашкахь тIемаш бина. Петици дIасаяржийна туркойн массех интернет-хьостано.

XS
SM
MD
LG