ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iамеркан 12 дипломат араваккха Оьрсийчуьра!"


Оьрсийчоьнан информацин агенталлаша бечу хаамца, «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин фракцерчу Пачхьалкхан думин депутато Федоров Евгенийс дехар хьажийна арахьарчу гIуллакхийн министре Лавровга пачхьалкхера 12 Iамеркан дипломат араваккха, цара Оьрсийчоьнан кхерамзаллина зен до, аьлла.

ЦIерашца буьйцучу Iамеркахошлахь бу Цхьанатоьхначу Штатийн векалан гIовсаш а, кхиболу Москохара а, Петарбухара а векалтан даржхой а. Оцу дипломатийн кест-кеста цхьаьнакхетарш хуьлу Оьрсийчуьрчу оппозицица а, пачхьалкх сийсазъеш болх бечу кхечу Оьрсийчоьнан бахархошца а, яздина Федоровс Лавровга.


Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG