ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь беллачийн гергарчарна теIаткъамбо


Бахначу беттан 17-18-чу деношкахь Соьлж-ГIалахь полисхошна тIе а летта, беллачу кегийрхойн гергарнаш бу балхара бохош, пенсех хедош, хаамбина «Кавказан Узел» газете шайна тIехь и таIзарш ловчу наха. Цаьрга цхьа а бахьанаш а ца дуьйцу, «шу балхара дохийна» алар доцург, леткъа беллачийн гергарнаш.

ТIематасадаршкахь вийра Альтемиров Ислам, Исмаилов Сайд-ИбрахIим, Ильясов Магомед, Мажаев Ибрагим Мамаев Истамул, Акрашев Ахьмад, Минтаев Хаматхан. Иштта лецна, хилларг хууш доцуш буьсуш бу Бергаев ИсмаIал, Юсупов Асхьаб, Мадина цIе йолу йоI.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG