ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гавана - Вашингтон, дуьххьара контракт


Куба пачхьалкхо Цхьанатоьхначу Штаташка 40 тонна кIора хьажийна бохка I7 эзар доллар мах а болуш. ТIаьххьарчу 50 шарахь духхьара легалехь еш экспорт ю иза шина махканна юкъахь.

Обама даржера дIавахале массех йохк-эцаран барт бан дагахь ю Куба, Рейтерсо бечу хаамца.

«Шерашкахь ехарйолу контракташ хIитто дагахь дут хо Штаташца, кIоранал совнах, масала, моз а, кофе а йохку дагахь ду», аьлла пачхьалкхан Cubaexport компанин директоро О’Райлли Изабеллас.

Шина пачхьалкхо лурчаха дIахьедира шаьш юкъаметтигаш тоеш ду аьлла. МеттахIоттийна дипломатин гергарло, Гаванехь хилла Цхьанатоьхначу Штатийн президент Обама Барак.

АхбIе шо хьалха Кубина дуьхьал кхайкхийна эмбарго лелаш ю тахана а, амма цхьайолу санкцеш малъелла тIаьххьарчу шина шерачохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG