ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан технологийн Iаламат - "Эльбрус-401 PC" компьютер


МЦСТ-компани (Москох) арахеца йолош ю "Эльбрус-401 PC" цIе йолу компьютерш. Мах хир бу 200 000 сом гергга. Компанин сайто хаамбарехь, доккхачу декъанна Оьрсийчохь еш хир ю компьютер.

Комплектехь ю системан блок, 23 дюймехь монитор, кхиболу гIирс, декъахь ю "Эльбрус" операционан система. Процессор а ю шенна кечйина.

"Эльбрус" операционан системин декъаэцна Iамеркарчу AMD компанин Radeon видеокарта. Масситта бIе эзар компьютер арахоьцур ю ша боху МЦСТ-компанино пресс-релизехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG