ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теракт дарна бехке 9 стаг лаьцна Израилехь


4 стаг вуьйш Иерусалимехь дина теракт толлучу Израилан полицино 9 стаг лаьцна. Associated Press агенталло хаамбарехь, коьрта шеконашкахь кхобучу хьалханчан гергарнаш бу лаьцначаьрца. Иерусалимехь кIирандийнахь кир лело машен хаькхина автобусчуьра охьабуьсучу эскархошна тIе. Виъ вийна, 15 чевнаш йина оцу хиламехь. Салташа дуьхьал герз диттина вийна тIелатар динарг.

Израилан Iедало хилларг теракт ду аьлла чIагIдо. Премьер-министр Нетаньяху Биньямин тешна ву, тIелатархо ДАIИШ-ца уьйрашкахь хиларх.

Хьалхо Берлинехь, Ниццехь динчу теракташца догIуш ду Иерусалимехь динарг а, боху премьер-министро.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG