Нохчийн-ГIалгIайн автономи дIаяьккхинера 1944-чу шарахь, къам цIера ма даьккхи. ТIетовжа, Дела воцург, кхин накъост воцуш лаьхкира нах Даймахкара.
Казахстане а, ГIиргIазойчу а кхачале, хийла лар йитира цара, лайн юккъе дIатеIийначу шайн беллачарех.
Нохчийн-ГIалгIайн къоман цIадерза бакъо елла 60 шо кхачар, тахана Iедалан хьакамаша цхаьцца дIахьедарш дарца, и бала лайначеран дагалецамашца дIадирзина.
Цхьана агIор, нах цIабирзина, вукху агIор, хилларг хIумма а доцуш санна, дижина латтош ду хIинца а. Йина харцо эшийна а яц хIинца а.
Сталин велчулла тIаьхьа, дIабохийначу вайнахана юкъахь къамелаш доьллера, кеста къам цIа дерзо там бу бохуш.
ХIораммо дуьхьал кхетча, могаш-паргIат хаьттинчул тIаьхьа, хоттург цхьаъ дара: «Вайн цIа маца дохуьйту боху?».
Ткъа, цIехьа некъ схьабиллина, и дехкарш дIадевлла аьлла шайна хезча, 13 шарахь вовшахтоьхна бахам а гулбина, дукха сиха цIаэха буьйлабеллера вайнах.
Дагалоьцу Хьалха-МартантIерачу вахархочо Бугаев Лом-Iелас.
Бугаев: «Партийн 5 къеташонехь Хрущевс шен къамелехь емалвира Сталин а, цо дIаяхьана политика а. ЧIогIа майра къамел дара иза. Цкъа а ца хиллачу агIор синкъерамаш хIиттийра вайнаха, цIадоьрзуьйту аьлла хезча. Баккхийчара олура: «АлхьамдуллилахI, оха дина доIанаш хеза-кх Делана!»
Даймахкан геналлехь 13 шо а даьккхина, цIабоьрзуш нохчийн а, гIалгIайн а доьзалш гIеххьа стамбеллера. Кавказ йийцарх бен хезна йоцчу оцу бераша а, чIогIа сатуьйсура даймахке.
Ишттачарех ву Теркйистера вахархо Айсханов Аслан а. Иза куьйгалхо ву «Казахстанера бехарш» цIе йолчу цхьанатонахараллан.
Айсханов: «ЦIа догIучу хенахь со 7 шо кхаьчна вара. Кавказ бохуш даима юьйцура чохь. Суна моьттура, со оцу Кавказана лаккхара лома боьххье а ваьлла, чухахкалура ву со. ЦIакхаьчча, тхан чохь оьрсий баьхнера.
Цхьана чоьна чохь хьакхарш лелийна, вукху чохь котамаш кхийина хиллера. Хьалхе цIаваханчу тхан девашас ахча а делла схьаэцнера цаьргара тхан цIа».
Даймахка цIабоьрзучу дукха нахана хууш а ца хилла, Iедало царна гIоьнна дала билгалдаьккхина ахча хиллийла. Юкъараллехь ма оьшшу дIакхайкхина ца хилла иза, бохуш дуьйцу Айсханов Аслана.
Айсханов: «Сан нана дешна яцара, цундела цунна ца хиина, гIоьнна аьлла Iедало юхадала ца дезаш ахча луш хиллийла. Тхан хьалахвала дешна стаг вацара. ЦIабоьрзуш моьттура, ца дууш, ца молуш а Iийр ду. Iедало пIелг пIелгах тоьхна цхьа а хIума ца дира-кх тхуна».
1991-чу шарахь Оьрсийчоьнан Iедало низам тIеэцна «Репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци ярх» аьлла.
13 артикалах долчу цу тIехь дуьйцуш ду, дIадохадалале хиллачу дозанехь нах, шайн мехкашкахь охьаховшор а, Iедалан зуламан сацамца йина харцо такхар а.
Иза а, важа а кхочуш ца дина, аьлла кхин дIа а дийцира Айсханов Аслана.
Айсханов: «Автономи юхаметтахIоттийна боху. Амма со къанвелла, кху дийне ваьлла-кх, «шу зуламхой ду», «аш говр кечйина» бохуш, тIехбеттамаш ловш.
Хьалха хиллачу Iедало ца дира хIумма а, хIинца долчу Iедало-м могуьйтуш а дац цуьнах хIума хьахор а. Суна а, со санна болчарна а иштта хета-кх иза!».
Вайнах цIаберзарна дуьхьал бевлла хилла Соьлж-ГIалара оьрсийн къомах бахархой.
1958 - чу шарахь аьхка, цара дуьхьалонан акцеш дIаяхьнера, нохчий ара а бахий, Грозный кIошт а кхолла аьлла.
И гIаттам хьаьшнера милицин а, эскархойн ницкъаца.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832