Нью-Гэмпшир штато Оьрсийчоьнна дуьхьал шеггара санкцеш яха тарло, иза Iамеркан демократин системина юкъагIортарна. Штатан сенаторо Вудберн Джеффа оьрсийн къаьркъа дохкар я цхьана ханна сацаде, я гуттаренна а дохкар дехка аьлла. Низамашца а догIуш, пенсионан фондаш декхаре ян еза оьрсийн компанешка инвестицеш хьийсор юхалиста, аьлла, дIахьедина сенаторо.
Президентан харжамашна новкъарло ярхьама, Оьрсийчоьнан хакерша дина тIелатарш бахьана долуш, шира шо доьрзуш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа керла санкцеш яьхна Оьрсийчоьнна дуьхьал.