ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Кавказан узел" агенталлан журналистна тIелатар дина


screenshot
screenshot

«Левый блок» боламан координаторна, «Кавказан узел» агенталлан журналистна Рязанцев Владиславна тIелатар дина Ростов-ГIалахь, бевзаш боцчу наха. Фейсбукерчу шен пенатIехь журналисто ша бина и хаам.

Цо бахарехь, тIелеттарг ву 5 стаг. Стенца доьзна тIелатар, цкъачунна хууш дац. Кхаарийдийнахь Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада Инстаграмехь йоза дитинера, «Кавказан узел» агенталлан коьрта редакторна Шведов Григорийна кхерамаш туьйсуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG