ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Дождь" телеканалан трансляци сацийна Украинехь


ЛИГА.net портало хаамбо, Украинан телевизионан, радион Кхеташоно тIечIагдина, Чиллан-бутт юккъе баххалц «Дождь» телеканалан трансляци сацон провайдерш декхаре хиларх. Порталан хаамашца, Кхеташонан декъашхочо Костиинский Сергейс дIахьедина, и сацам бан Iалашо лацаран бахьана ду, «Дождь» телеканало Украинан суверенитет лоруш цахилар, оьрсийн реклама цара гойтуш хилар а (украинхойн низамаша доьхкуш ду и кхечу пачхьалкхерчу телеканалашна).

«Дождь» телеканалан информацица, Украинехь 90 провайдеро гойтуш ю церан программаш, ах миллион гергга хIусамашкахь пайда а оьцу цуьнах. Хьалхо Украинехь иттанашкахь оьрсийн каналаш дIакъевлинера, цхьайолучарна дозанаш тоьхнера.

14 бехкейира Украинерчу тIамна а, цигахь лелочу къизаллашна а пропаганда ярна, вуьйш коммерцица йоьзна реклама гайтарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG